Я Аллах1 везан Дела, хьайн возаллин дуьхьа, хьайн сийлаллин дуьхьа, элчанан доьзал дуьхьа, элчанан Асхьабийн дуьхьа, я Аллах1 везан Дела, тхан фарзаш къобалделахь, тхан суннаташ къобалделахь, Мохьмадан умматан гечделахь, тхо Мохьмадан умматах делахь!!
Тхан дайшна а, наношна а гечделахь.
Я Аллах1, хьо бен деха воцуш, хьо бен дехча дала воцуш, хьан г1ийла лайш ду -кх тхо. Тхан 1асаллига ца хьожуш, тхан г1ийлаллига хьажалахь. Хьайний, хьайн элчанний гергахь, тхо декъал делахь. Тхан далар иманца делахь, садалар собарца хилийталахь.
Ламаз-мархий марзделахь, хьекъал, кхетам, доьналла а, ирс аьтто болуш, дахар лолахь. Юьхь1аьржонах, зенах-зуламах ларделахь.
Я раббий, я Аллах1, и ца духу до