Цкъа а ма елхалахь, декъаза йоl
Цхьанна а адамна гучохь,
Ворхl догlа дlатохий хьулделахь дог,
Бlаьрхих ма тlунде пхьош кучан.
Бlаьрсинойх лечкъабеш даг тlера тlулг,
Тахана садетташ гlолахь,
Хьайн бала балхабеш, нах кхардочул,
Доглазар ду хьуна гlолехь.
Дlа ца йовш латтийна син кхерчахь цlе,
Буьйсанан мотт lамабелахь,
Цо юьйлуш седарчийн мукъамна тlе,
Эшаре ерзор ю гlело.
Цул тlаьхьа lаьржаллехь къегар бу суй,
Хьо цунна тlаьххье дlагlолахь.
Ахь цунна тlекхача баалахь дуй,
Ницкъ байча, текхаеш голаш.
Ша шена маршо а йоккхуш хьан дог
Айлур ду ворхl догlа дохош,
Цул тlаьхьа ахь ондда баккхалахь ког,
Цул тlаьхьа кхин адам ду хьо.
Ткъа хlинца йоьлхуш хьо, маршо а луш
Бlаьргашна, халонаш