Нохчийн йо1
Нохчийн йо1ал х1ун ду хаза,
Цул а сийлахь дерг х1ун ду?
Цунна жоп ду-кх, - ду и заза,
Б1аьсте цуьнца йоьзна ю!
Таймасха, Дадин Айбика,
Ткъа иштта 1аьмаран Заза.
Къоначарна уьш бовзийта,
Царах масалш ма ду хаза.
Цара шайн сий дина ч1ог1а,
Турпалчу синошца шайн.
Т1еэцна 1ожаллин б1ог1ам,
Ца хила 1есаллин лай.
Нохчийн йо1, хьо царах 1ама,
Бакъо яц уьш бицбеш даха.
Юьхьк1оме хилийта кхана, -
Сийца ахь харжалахь дахар.
Дин лоруш т1едоха духар,
Д1ахьулъеш хазалла хьайн.
Ахь генахь латтор бу бохам,
Ларделахь г1иллакхаш вайн.
Нохчийн йо1 ехийла зовкхе,
Малх, бутт санна эсала.
Сица маьрша, дагца шовкъе,
Хьо хилар ду-кх мехала!
Даудов Гилани