"Нохчийн мотт – сан дозалла!"
Цхьана а деших, ахчанах эца а, терзанца оза а йиш йоцу хазна ю ненан мотт. Дуьненан къаьмнех вай къасториг а, вайх къам дийриг а – иза нохчийн мотт бу. Цунах доьзна ду вовшийн уьйраш, гергарло, хазахетар, халахетар, халкъан сий, къонахчун яхь, адамаллин хьекъал, кхетам…
Халкъан кица ду: «Мотт у-къам ду, мотт бацкъам дац». Ненан маттал деза хIума хила йиш яц къоман кхолламехь, хIунда аьлча, мотт байна къам дуьненан букъ тIера дIадов. Даймохк а ца буьсу цуьнан – къоман бен хуьлуш бац Даймохк. Ткъа къам матто латтош ду. Ненан маттахь долу йоза-дешар ца хаахь – иза доккха сакхт ду. Халахеташ делахь а, и санна сакхт долуш берш вайна юккъехь хIинца а хаалуш бу. Стаг