КЕГИЙРХОШКА
Гергара вара алий, харц луьйш волчу стагана тIе ма
хIитталаш, и бале вера ву шуна.
Къен вара алий, оьзда воцучу стагах къа ма хеталаш,
цо, вуьзча, зулам дийр ду шуна.
Хьал долуш вара алий, вуьзначу стаге шайх жоп ма
далийталаш, цо нийсо йийр яц шуна.
Дешна вара алий, муьлх-муьлхачу Iеламстага
бохург ма делаш, Делах девр ду шу.
Дикчу гIуллакхашца бевзаш болчу нехан доьзалшна
гIо делаш, и гIо зиэ довр дац шун.
Наха эладита дуьйцура алий, бIарзлой, ца бича, ца
болучу бекхамна сих ма лолаш,сихаллехь эцна чIир
тIаьхьешна бале йолу шуна.
Аса бийр бу цуьнан болх, алий, цхьаьна а адман са-
даккха ма сихлолаш, Дала бекхам бийр бу шуна, шегара
и бакъо схьаэца г1оьртина аьлла.
Хаза ю, алий,